Мубаракан кхелера дΙавахана суьдхо



Мисарахь президент лаьттинчу Мубарак Хьоснин кхелан декъара ваьлла дов луьстучу тобан хьалханча Хьасан Ιабдулла Мустафа. Ша и дов дуьззина нийсонца толлуш дац аьлла хеташ яьккхина и гΙулч, элира цо шоьтан дийнахь.

Валлалц набахтехь кхаба кхачийра Мубаракна стохка. Иза бехкевира 2011-чу шарахь халкъ шен Ιедална дуьхьалгΙаьттича цо бΙеннаш гуламхой хΙаллакбайтарна. Ткъа хΙетахьлера дов юхатоллуш ду.

85 шо ду Мубарак Хьоснин. Карарчу хенахь могуш воцуш КъахΙирехь дарбан цΙийнахь Ιуьллу иза.