«Оьрсийн оьгΙазаллин де»


«Оьрсийн огΙазаллин Де» цΙе тоьхна националистийн барамаш бара шоьтан дийнахь дΙабоьлхуш Оьрсийчоьнан дуккхаъчу регионашкахь.

Ставрополехь, и тайпа гулам дΙа ца бохьуьйтуш, Ιедало полици а, гΙалгΙазакхий а гΙиттор бахьана долуш, кΙезиг нах баьхкира бараме.

Ростов-гΙалахь алссам баьхкира шайн бараме оьрсийн националисташ. Царех виъ лецира полицино.

Волгоградехь Ιедалша магийна а долуш хΙоьттира гулам. БΙе гергга хилла цига бахана нах, меттигерчу полицин хьостанаша тоьшалла дарехь.