Медведевна реза бац Москох муниципалан депутаташ

«Селхана--президент! Тахана--премьер! Кхана--префект!» Иштта 20 метар еха баннер хьалаоьллина Москох Новоарбатан тIай тIехь, КIайчу ЦIенна дуьххьала юкъараллин жигархоша.

Цу кепара муниципалан депутатийн кхеташонан векалша Медведевга кховдийна цуьнан омрица коьллинчу керлачу Москох-гIалин кIоштийн префектан дарж.

И инцидент хилла делкъахена. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, и плакат кхозуш дисина ткъех минотехь.