"Оьрсийн шпионна" 12 шо хан тоьхна Нейдерландан кхело

Шайн пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь болх бина хилла волу Путерайя Раймонд, Оьрсийчоьнехьа шпионалла лелийна аьлла, 12 шарана чувоьллина Нейдерланд-пачхьалкхан кхело. Кхелам сацамо бахарехь, 61 шо долчу консулан белхахочо масех шарахь Оьрсийчоьнна къайлаха документаш делла. Цуьнан метта 94 эзар доллар ахча делла цунна.