Amnesty International a, Human Rights Watch: Путинан Iедалехь маршо яц

Малхбузера евзаш йолчу шина адамийн бакъонийн орагнизацино арахецначу рапортоша ондда критика йо Путин Владимир Iедална. 2012-чу шарахь иза юха а президент хIоьттинчул тIаьхьа махкахойн бакъонаш а, нехан маьршонаш а цIеххьана жимъелла.

Amnesty International a, Human Rights Watch а организацеша тахана цхьаний арахецначу рапорто тидаме эцар доьху, Оьсийчохь «хьоьшуш йолу бакъонаш». Цара иштта емалдира, реза ца хиларан акцешка арабовлучу дуьхьала полицин ницкъах тIех дукха пайда эцар а.