Нальчикерчу гΙаттамхошкара гΙуда доьху зен хиллачара


Нальчикера бусулба кегийрхой Ιедалан урхаллашна тΙелатарх итт шаре а даьлла кхело толлучу девнехь кхин цхьаъ а ахчан гΙуда дΙакхайкхийна бехкебечарна – 22 миллион сом. ГΙаттамхоша оццул шайна зедина боху эшам хиллачу бахархоша а, Ιедалхоша а. ГΙишлошна дина зулам а ду, чΙагΙдо кхело, 54 миллион соьме кхочуш.

ХΙетахь, 2003-чу шеран гурахь, Нальчикехь гΙаттам иккхича велира 35 милцо а, эскархо а, 14 маьрша вахархо а. 100 гергга вийра гΙаттамхойх. Кхелехь левеш ву оцу зуламна бехке а веш 57 стаг, царех дукхаболучара тΙе ца эцна бехк. Чаккхе гуш а яц девнан цкъачунна.