ХΙинжа-ГΙалахь эккхийтар дина



Дагестанан шахьарахь ХΙинжа-ГΙалахь Казак Ирчин урамехь лаьттачу прокуратурана гена доццуш эккхийтар дина бевзаш боцучара. Юьхьанца йолчу информацица, ши бер а, цхьа воккханиг а велла. Шиъ лазийна, и ший а прокуратуран белхахо ву. Иштта хаам бо Дагестанан полицино.