Дуьненаюкъара Дешан Маршонан Де



ПΙераскан дийнахь ткъозлагΙа дуьненаюкъара зорбан маршонан де билгалдаьккхина мехкашкахь. Журналистийн бакъонашна дуьхьаллаьттачу кхерамна а, шаьш журналисташ а оццу кхерамехь хиларна а тΙе адамийн тидам бахийта лерина юкъадаьккхина ду и де Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организцино.

Дуьненан маьΙ-маьΙнехь бойъуш лаьтта зорбан хьостанийн белхахой. Оцу тΙехь хьалхара ю Иракъ, тΙакха Сомали. ИссалгΙачу меттехь ю Оьрсийчоь, цигахь хΙинца а талланза ду хьенан карах велла тΙаьххьарчу заманахь 16 журналист.