Кхелхина Iаьрбийн Лом - Нохчийн инарла Iалауддин Ахьмад
Your browser doesn’t support HTML5
Урдунан низамо ца магадо доьналлехь къаставеллачу вахархочух шозза Къоман Турпал ван. Амма и низам а «талхош» нохчийн инарлах Iалауддин Арслан Ахьмадах-м вира шозза Турпал.
ЦIарна цIеяхана нохчо вара иза дерриг а Iаьрбийн дуьненахь. 1960-чу, 1973-чу а Малхбалерчу тIемашкахь дакъалоцуш цо гайтинчу хьуьнаран масалш хIинца а даладо Iаьрбаша.
1979чу шарахь къаьсттина билгалвелира иза террорхоша кечдинчу зуламах Макка кIелхьарйоккхуш.
Дала гечдойла цунна!