ТIалибаша совдаьхна лелхийтарш


Шайлахь цхьана кΙоштара воккха политик а вуьйш, кхин а 13 леш, ОвхΙанистанан къилбаседанехь динчу терроран тохарх жоьпалла шайна тΙеэцна тΙалибаша.

Оршотдийнахь БагΙлан-кΙоштахь а ша-шен эккхийтина цхьамма. ТIалибийн цΙарах цΙий шайна тΙеоьцу аьлла, журналисташка дΙахьедина церан векала МуджахΙид Забиуллас.

Оршотдийнахь и тайпанарчу тΙелетаршкахь вийна ОвхΙанистанехь лаххара а 10 полисхо.