Муха ю Нохчийн Гимн? Муьлханиг?
Your browser doesn’t support HTML5
1991-чу шарахь яздархочо Айдамиров Абузара юхаденйинчу текста тIехь хIоттийра Нохчийчоьнан-Ичкерин гимн. Ичкери Оьрсийчоьно тIемашца йохийнехь а, интернетехь яьржина, бIеннаш кепашкахь лоькхуш еха цуьнан Коьрта Йиш.
Тахана Нохчийчоьнах куьйгалла дечу Кадыров Рамзанан гонаша дерриг а до шайн Iедалан гимн яржош, нахана иза езайолуьйтуш.
...Амма халкъо йиц ца йо Ичкерин гимн. Нохчийчохь а, цунна генахь а.
Урдунерчу Сувейлехь нохчаша, шаьш садаΙа гулбеллачохь, локхуш ю иза кху клип тIехь а. Оцу гимнаца бузу цара Нохчийн Маьрша Йозушйоцу Пачхьалкх хиларе болу, дайша бΙешаршкахула схьабеъна болу сатийсам.