ХIинжа-ГIаларчу лелхийтаршкахь 4 стаг велла


ХΙинжа-ГΙалахь оршотдийнахь динчу шалха эккхийтарехь дина зен билгалдаьлла: велларг 4 стаг ву, лазийнарг – 48. Машенаш а лоьлхуьйтуш, дина и зулам. Лазийначех кхоъ кхачийна Москох дарбан цΙеношка, шиъ царех полисхо ву.