Чехехь советийн заррат герз латтийначу депох музей йина

ПрахIина къилба-малхбузехь йолчу Мисовна уллерчу хьуьнхахь къайлаяьккхина ю бункерна чуволийла

Советан эскар чохь lийна заррат герз латтийначу депора гайтаман дакъа толлуш ву куратор Скоцовски Милан

Чуволлучохь кхозу Сталин Иосифан сурт. Музей схьайоьллур ю кху гурале.

Чехашна тIекхочийла доцуш, Советан пачхьалкхан долахь хилла заррат герз. 80 ракета чохь кхаба йиш йолуш йина ю бункер, амма хууш дац и таппа герз оцу чохь кхаьбна я цига кхачоза дисина.

Телефонан коммутатор а хилла герзийн кхобийлехь.

Кхузахь болх беш хилла Скоцовски Милан ву герзан чоьнаш схьайьоьллуш.

Терго ечу чоьнна чохь.

ЦIе латор а, цигаьрка озар а доьхку васт.

199091 шерашкахь Чехословаки социализман гонера яьлча дIадахана Советан эскарш. Бункер чохь ахча кхаьбна цул тIаьхьа Чехин Iедало. Иштта латтийна оцу чохь Дуьненан ШолгIачу тIамехь байъинчу немцойн 4000 декъан хIур а.

Советийн седа а, кхокха а бу биллина бункеран уьйтIахь.