Таханенан васташ

Китайн полицера иччархой Iамош бу хи чохь, садукъийлехь, хан такха. (Reuters)

Маьрсашца корта бошуш ву шен юьртахочун жимачу Мяо-къоман векал, Гуйчжоу, Китай.(Reuters/Jason Lee)

Байконур, Казахстан, ТМА-09М ракета стигал хьажош ю Стигалкъекъа-беттан 29-чу дийнахь. Кестта стигалахь цхьаьнакхетар бу оьрсийн, Iамеркан, италахойн векалш. (AFP/Kirill Kudryavtsev)

ЗаьIап берашна леринчу ловзаршкахь сабан лоппагаш деш Iа бер, Киев. (Reuters/Gleb Garanich)

Ингалсехь Нехча Къовсу дезде ду. Брокворт-юьрт. 200 шо ду гу тIера нехча къовсу ловзарш юкъадевлла. (AFP/Carl Court)

Цзинхуа-гIаларчу беро кхо сахьт даьккхира нехаш дIаузучу юкъарчу биргIана чохь, ша орцан белхахоша мукъадаккхалц. (AFP)

2011-чу шарахь 81 дийнахь ша набахтехь кхабар гойтуш диорама хIоттийна китайхочо-суртдиллархочо Венецехь. (Reuters/Stefano Rellandini)

Дуьнен тIехь уггаре йоккха байракх ярца Гиннесан тептара язвелла Румынера вахархо. 349 метр еха а, 227 метр шуьйра а ю байракх. (Reuters/Bogdan Cristel)(Reuters/Bogdan Cristel)

Гуйчжоу провинцин Баша-юьртахь герзаца ден къоман хелхар гойтуш бу юьртара божарий. (Reuters/Jason Lee)

Гонолулу, Гавайи, чIурамаш хитIе боху дезде. (Reuters/Hugh Gentry)

Либерин а, Иракъан а футболан тобанаш Ал-Шааб стадионехь ловзучу юкъанна кIур баьржина БагIдадна юккъехь динчу эккхийтарх. (AFP/Ahmad al-Rubaye)


МаьркIажехь Вардар-хин тIай тIехула боьлху бахархой, Скопье, Македони. (AFP/Robert Atanasovski)

Москох, Йоккха Театран гIопастнехь "Сийлахь БIаьсте" балет кечъеш бу артисташ. 100 кхаьчна цигахь Стравинский Игоран и балет ловзае. (Reuters/Sergei Karpukhin)

Оьздангалла ларъе аьлла ХIонкарарчу метрон куьйгалло дехар даржийча, резабоцучара "бартийн де" дIадаьхьира гIалахь. Туркойчоь. (AFP)


Лондонерчу филмийн, видеоловзарийн, Iилман фантастикан дийнахь. Жухурдаг Адамс Уэйн гойтуш ву шен туьтмIаьжигаш. (AFP/Leon Neal)


Тевнечу дийнахь меттигерчу хи чохь хан хьо Лахоран бахархоша, Пакистан. (AFP/Arif Ali)

Бакохахь кегийрхой мотоциклшца къовсалучохь. (RFE/RL)

Британин премьер-министр Кемерон Девид шен зудчуьнца Саманта садоIуш ву Испанерчу Ибица-гIайри тIерачу луьйчийлехь. AFP/Stefan Rousseau)

МозгIар доIанаш деш ву стигал яла кечлучу Союз ТМА-09М ракетана тIера Стигалкъекъа-беттан 29-чохь. Ракета чохь цхьаьнакхетар бу стигалахь астронавташ: италахо Пармитано Лука, оьрси Юрчихин Федор, Iамеркахо Нибер Карен. (Reuters/Shamil Zhumatov)

Гей-гергарлонаш чIагIдарна дуьхьалболу кегийрхой бу францой байракх ягош, Париж. (Reuters/Pascal Rossignol)

Торнадоно 7 беран дахар хадийначу Мурехь, Оклахома, йогу тезетан цIерш, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ. (Reuters/Lucas Jackson)

Шо даьлча хиндолчу Президентан а, кIоштийн а харжамийн хьалхара мур болийна ОвхIанистанехь. RFE/RL)

42 шо долу хьераваьлла стаг Янхонг У гура чохь кхобуш ву доьзало, цо 11 шо хьалха шен 13 шо кхаьчна ваша вийчхьана дуьйна. Нанас Мухианг Вана кхузза юург ло дийнахь. (AFP)