Азербайджанхой реза бу цхьаьне гΙуда такха


Бакохарчу кхело 220 сахьтехь Ιедална белхаш бар тΙедожийна евзаш йолчу азербайджанхойн журналистна, Маршо Радион корреспондентна Исмайлова Хадиджина. Махкарчу Ιедална резабоцчийн гуламашкахь дакъалацарна кхайкхийна и таΙзар.

«Кавказан сий долу бахархой» цΙе а йолуш, «Кавказан узел» сайто стохка дΙабаьхьначу гайтамехь интернетхоша тоьллачу итт стеган декъа кхачийра Исмайлова. Иштта журналистикехь дуккха а совгΙаташ даьхна а ю иза.

Азербайджанерчу 220 интернетхочо сацам бина Исмайлова Хадиджина хьалхара Ιедална цхьацца сахьтехь болх бан.