Резабоцчийн Марш хΙоьттира Москох


Эзарнаш оьрсийн жигархой гΙаш чекхбевлира Москох шайна Ιедалша магийначу урамашкахула, Путин Владимир емал а веш, шаьш политикан тутмакхаш лору нах набахтешкара дΙахецар Кремлна тΙе а дожош.

Полицино 6 эзар стаг гуламхошлахь вагарвинехь а, журналисташа лаххара а 10 эзар хир вара боху церан могΙаршлахь.

Стохка бΙаьста, низам а талхош, митингашка валарна жоьпе ийзавечу 27 жигархочун сурт дара гуламхойн карахь.