Шемарчу оппозицина ракеташ луш ду Саудийн Iедалш

Сауди Iаьрбийн Пачхьалкхо Шемарчу оппозицина карахь лелон зенитан ракетан комплексаш юхкуш йолу ши бутт бу аьлла хаам бина Ройтерс-агенталло. ЦIе ца йоккхучу хьостана тIе а тоьвжаш цо дийцарехь, и комплексаш оьцуш ю Францехь а, Бельгехь а. Цул тIаьхьа уьш дIакхачош ю Шеман Маьршачу Армин Лаккхарчу ТIеман кхеташонан куьйгалхо волчу Идрис Салимана.

Сауди Iаьрбийн пачхьалкхан Iедалша цкъачунна цхьа а комментари а ца еш битина и хаам. Оршот дийнахь Оьрсийчоьно хаам бина Шемахь кеманаш лелаш доцу зона кхолларна дуьхьал ду шаьш аьлла. И дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Лукашевич Александр.