Дагестанерчу Цунтинан кIоштахь Хутрах эвлана йистехь тIеман тасадалар хилла

Дагестанерчу Цунтинан кIоштахь Хутрах эвлана йистехь хиллачу тIеман тасадаларехь чевнаш йина веа, лерринчу ницкъийн векална. ТIемало ву боху цхьа стаг а вийна.

И аьлла хаам бина, Дагестанан Талламан Комитето. КIоштан администрацино бечу хаамца, кхин цхьаъ, чевнаш хилла волу тIемало герзаца дуьхьало еш ву.