Набахтерчу къизалло вийна Картоев ТархIан


Деношкахь гΙалгΙа Картоев ТархΙан ша чохь кхобучу Екатеринбергерчу ноьмар шиъ йолчу набахтехь кхалхар оцу набахтин хьаькамашна бехкедо меттигерчу бакъоларъярхоша. Цара дийцарехь, тутмакхашна кест-кеста етта цигахь. Иза вуьззина могуш вара, шашаха ца кхалхина, чΙагΙдо адвокаташа. Ткъа иза, цΙеххьана дог лаза а даьлла, велла, бехке стагга а войла дац, чΙагΙдо талламчаша.
Стохка Тверь-гΙаларчу кхело Картоевца цхьаьна итт стаг бехкевира Петарбухара Москох лела цΙерпошт эккхийтарна. ХΙетахь ялх шо ах шо хан туьйхира цунна набахтехь яккха.