ТIемаш лаьтта нохчийн лаьмнашкахь


Хьалха-Мартанан лаьмнашкахь гΙаттамхой лоьхуш бу Нохчийчоьнан ницкъаш – полици а, эскарийн дакъош а. Еарийдийнахь Таьнги-Чуьрчу хьаннашкахь хиллачу тΙематасадаларехь вийна оьрсийн эскархо, кхаа полисхочунна чов йина. Тарло цигахь дуьхьаллаьтта тΙемалой, кхо де хьалха шотойн лаьмнашкарчу Хьорсанна гергахь ши полисхо а вуьйш, пхийтта лазийнарш хила, хаам бина мехкан чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллан хьостано.