ТIалибашна тIехь толам баьккхина эскархоша ОвхIинистанан малхбалерчу кIашташкахь

Мехкан малхбалехь, 20 тIалиб а вуьш, леррина операци дIайерзийна шаьш аьлла хаам бина ОвхIанистанан кхерамазаллин ницкъаша. Цара дийцарехь, тIемалошкара схьадаьккхина дуккха а герз а, машенаш а, мотоцикалш а. И операци дIахьуш вийна 10 эскархо.

Цуьнах лаьцна хаам бина Iедалан векалша. КIирандийнахь дIайолийна операци дIаяьхьира Вардак а, Логман а, Нангархар а провинцешкахь.

Кху деношкахь овхIанан инарло Яфтали Шарифа дIахьедар динера малхбалерчу провинцешкахь жигаралла гайта буьйлабелла тIемалой аьлла.