Дагестанехь вийна "Кавказский узел" агенталлан корреспондент

"Кавказский узел" интернет агенталлан а, "Новое дело" газетан а корреспондент Ахмеднабиев Ахмеднаби вийна Шинарин Iуьйранна Дагестанехь Семендер эвлахь. Муьлаш бу ца хуучу наха герз диттина журналистана цуьнан хIусаманна 50 метр уллехь.

"Кавказский узело" бинчу хаамца 2012-чу шарахь Ахмеднабиев Ахмеднабис дIахьедар динера шена кхерамаш туьйсуш нах бу аьлла. Кху шара журналистана кхузза тапча тоьхнера, амма иза цхьа сагIа юкъа а доьлла къелхьара ваьллера дендарг ца кхеташ.

Талламхошна хетарехь, журналист Ахмеднабиев вийна цуьнан болх бахьана долуш.