Кхойтта нохчо лаьцна Саратов-махкахь

Саратов-махкахь Пугачев-гIалахь меттигера вахархо Маржанов Руслан вер толлуш полицино лаьцна 13 Нохчийчура схьаваьлла волу стаг. Саратов-мехкан талламан урхаллан белхахочо Седов Сергейс дийцарехь, и нах дIалийцина Анин Верх олучу юртахь. Цуьнах лаьцна хаам бина Интерфаксо.

Еарин дийнахь мехкан думан спикеро Капкаев Владмиира Пугачеверчу бахархойн гуламехь хаам бира Рахмановка-эвлахь полицино лаьцна волу нохчий жима стаг дакъалоцуш хилла Маржанов вуьш аьлла.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, цу гуламехь дакъалоцуш вара 800 стаг. Пугачевехь нах карзахбовлар доладелла кху беттан 7-чу дийнахь.