Нохчийчохь йицйинехь а, францошна дагахь ю Эстемирова Наташа


Нохчийн бакъоларъярхо, журналист Эстемирова Наталья йийна 4 шо кхачар билгалдоккхуш ду Парижехь. Цунах лаьцна Маршо Радиона хаийтира Францин шахьарахь вехачу Ιилманчас-историка Вачагаев Майрбека.

"Амнести Интернешнл", "Доза доцу репортераш", "Адамийн бакъонашкахьа", кхин и тайпа юкъараллаш ю кху сахьтехь Парижан юккъерчу майданахь гуллуш. Оьрсийчоьне Эстемирова Наташа йийнарш схьакарор а, царна доггIу таIзар дар а доьху гуламхоша", - хаам бо Вачагаевс.