Сноуденца къамел хилла оьрсийн адвокатан


Оьрсийчуьра адвокат цхьанакхетта, ХΙонконгера Москох, «Шереметьево» аэропорте кхаччарх, цигахь сецна Ιачу Ιаьмеркан леринчу ницкъашкахь болх бинчу Сноуден Эдвардца.

Агенталлаша кхечу адвокатна Кучерена Анатолийна тΙе а тевжаш, хаам бо, къамел Сноудена Оьрсийчоьне ханна тховкΙело ехарца доьзна дара, бохуш. И дехар цо, официалехь яздина кехат а доцуш, дΙахьединера дахначу пΙераскандийнахь.

Хенан йохалла шена чуваха аьтто лучу цхьаьна Латинан Американ махка кхача ойла йолуш ву ша, бохура цо хΙетахь оьрсийн юкъархошка.