500 тутмакх ведда БагIдадехь шина набахтера

500 тутмакх ведда Иракъехь БагIдадана уллехь йолчу шина набахтера. Цуьнах лаьцна хаам бина меттигерчу Парламентан кхерамазаллехула йолчу комитетан куьйгалхочо Замили Хьакима.

КIирандийнахь Абу-Грейб а, Тадж а олучу шина набахтина тIелатар дина хилла тIемалоша. ТIемантасадалар дахделла масийтта сохьтехь. Иракъан Iедалша бинчу хаамца, цу тIамехь вийна мел лаххара а 25 полицин белхахо а, гIаролхо а.

Иштта вийна тIелатар деш дакъалаьцна хилла волу 6 стаг а.