Британехь бусулба къена стаг верна кхел еш ю Украинера студентана

Шинарин дийнахь Вестминстерерчу магистратан кхелана хьалха хIоьттина Бирмингемехь вехаш волу 82 шо долу бусулба стаг Салим Мохьаммад верна бехке веш волу Украинера Лапшин Павел. Суьдехь хаам бира иза 4 зулам дарна бехке веш хиларх лаьцна. Къена стаг вер дуьххьарлера ду царах.

Кху шеран Охан-беттан 29-чу дийнахь Лапшина кхузза урс тоьхна, маьждигехь ламаз а дина, цIавоьдуш хиллачу къаночунна. И зулам дале 5 де хьалха веана хилла 25 шо долу Днепропетровскера студент Британе. Цунна бехке дуьллуш ду иштта террорист хилар а.