Полицин белхахой байина Иракъехь

Мел лаххара а 9 полицин белхахо вийна Иракъехь, тIемалоша полицин урхаллина тIелатар а дина. Иза хилла Башмайа олучу эвлахь, Мосул-гIаланна гена доццуш.

ТIемалоша минанаш кхуьйсу топп а, масатоьпаш а йиттина полицин гIишлонна тIе. Цкъачунна хууш дац иза динарш муьлуш бу. ТIаьхарчу хенахь Иракъехь алсамдаьлла шиIаташ а, сунниташ а дуьхь-духьал латтар.