Оьрсийчура хакерша зе дина Iамеркехь

Iамеркан федералан прокуратуро бехк кховдийна Нью-Джерси штатерчу Ньюаркехь веа Оьрсийчунна а, цхьана Украинан махкахочунна а, иттех сов Iамеркан а, дуьненаюкъарчу а корпорацин комьютеран системашна хакеран зе дарна.

Талламхоша дийцарехь, Оьрсийчура Дринкман Владимир а, Калинин Александр а, Котов Роман а, Смильянец Дмитрий а, ткъа иштта Украинера Рытиков Михаил а, низамаш а дохош, чуваьлла 160 миллион кредитан а, дебитан а картанийн лоьмарш латточу системина. Цара лачкъийна масийтта бIаь миллион доллар.

Прокуроро дийцарехь, цу тайпа хакерийн афера цкъа а хилла яцара Iамеркехь. Зулам дина аьлла шеко йолу нах суьдехь бацара. Associated Press агенталло бинчу хаамца, Смильянец лаьцна ву Iамеркехь, Дринкман лаьцна Нидерландашкахь, ткъа вуьйсуш къайла бевлла бу.