ГIажарийчоьнан лаккхарчу лидеро аятоллас Хаменеи Iелас президентан даржехь чIагIвина РоухIани Хьасан

ГIажарийчоьнан лаккхарчу лидеро аятоллас Хаменеи Iелас ГIажарийчоьнан президентан даржехь чIагIвина керла хьаржина РоухIани Хьасан. ТехIранехь дIаяьхьира и церемони. ГIажарийн конституцица а догIуш, мехкан куьйгалхочуьн даржехь цо доккхур долчу деа шеран официала хан йолаелла тахана. КIиран дийнахь цо парламентан декъашхошна а, арахьарчу дипломаташна а хьалха дуй буур бу шен мехкан а, къомана дуьхьа хьанала къахьега.

Цхьана муьрехь гIажарийн заррат программица доьзначу дагадовларшкахь ТехIрано вовшахтоьхна хиллачу делегацина урхаллехь лелла а ву. Баханчу Мангал баттахь цу пачхьалкхехь дIабаьхьначу президентан харжамашкахь толам баьккхира РоухIанис.

Харжамин кампани дIахьучу хенахь цо дIахьедарш дира, реформаш дIаяхьа езаш хиларх а, ГIажарийчоь дуьненах дIакъаьстина хиларан чаккхе ян дагахь а хиларх лаьцна.