Кабалье Карабахе яхар ца тайна Бакохана

Азербайджанан Iедадша шайн махка яр дихкина Испанерчу операн йишлакхархочунна Кабалье Монсерратана. Цуьнан бахьана ду Кабалье дукха хан йоцуш Ломарчу Карабахе яхана хилар. Азербайджано и территори шен лоруш ю, эрмалоша, бакъо а йоцуш, дIалаьцна йолу. Цуьнах лаьцна хаам бо BBC-но.

Бакохана хетарехь, Ломарчу Карабахе йолу визиташ низамца яц, нагахь уьш цига боьлхучара Азербайджанан Iедалшца дага а бевлла йина яцахь.

1992-чу шарахь Ломарчу Карабахехь хилла конфликт бахьана долуш Азербайджанан куьйгакъеллара яьлла Ломара Карабах а, цунна гонаха йолу 6 кIошт а.