Мисарна маслаIат хьоьху Iеламчаша



Мисарахь гΙоьртина хьал лаьтта карчамца президентан даржера вохийначу Мурсин агΙончашний, мехкан кхерамзаллин ницкъашний юкъахь. Ницкъахой дохо гΙерта гуламхоша тоьхна четарш. ПΙераскан Ιуьйранна уьш ницкъаша дохор ду аьлла дΙахьединера полицино, амма данза ду иза хΙинццалц.

Ал-Азхар университетан коьрта имам ал-Тайиб Ахьмад ву ши агΙо маслаΙате кхачон гΙерташ. Мурси Мухьаммад вохийча барт эгΙначу махкахь вийна 250 стаг.