Дийнан битамаш

Къуддусерчу луьйчийле баьхкина палестинахой. Израило бакъонан кехаташ а делла, цигарчу  дуккхаъчу меттигашкахь баьхкина иттаннаш эзанашкахь Малхбузерчу бердашца беха палестинахой. (AFP / Менахем Кахане)

Къилбаседа Корейн лидер Чен Ун Ким (юккъехь) хьожуш ву мобилан телефонашна сенсоран экранаш йийр йолу «Ариран» фирма схьайоьллуш. (AFP / ЦТАК)

Алеппо-гΙаларчу ал-Джейдехь Iедалан эскархошна дуьхьал герз детташ ву Шемара гΙаттамхо. (Reuters / Хьамид Хатиб)

Скопьерчу зоопаркехь довхачу дийнахь гΙорийна стоьмаш цIубдеш ю маймалан кΙорни, Марсхьокху-бутт, 12. (Reuters / Огнен Теофиловски)

Кали-гΙаларчу Хелхарийн Дуьненаюкъарчу 8-чу Фестивалехь шайн корматалла гойтуш бу Колумбера хелхарчаш Ривас Лейди а, Прециадо Хуан а. (Reuters)

Яйн атлетикан дуьненаюкъара къовсадаларш дΙадолош хелхабовлуш бу оьрсийн артисташ. Лужники, Москох. (Reuters / Dylan Martinez)

Оьрсийчохь гей-нахана бечу бехкамашна резабоцу нах гулбелла Лондонерчу Даунинг-стритехь. Президент Путин аьшнаш веш кечйина тайниг ю гуламхошкахь.  (AFP / Andrew Cowie)

Шайх дахначу кΙиранах байинчу накъостийн кешнийн кеп а хΙоттийна Ιа КъахΙирерчу протестан гуламехь Мисарара «Бусулба Вежарий» партин декъашхой. (Reuters / Amr Abdallah Dalsh)

Кабулна гергарчу Шакар Дара кΙошта хи хьаьдча йоьхначу машеннна уллехь лаьтта овхΙанхой. 22 стаг хино ваьхьина цигахь. (Reuters / Мохьаммад ИсмаΙал)

Петарбухарчу Harley-Davidson фестивалехь дакъалоцуш бу Беларусера байкерш. (ИТАР-ТАСС/Юрий Белинский)