Политковская ер толлучу кхелера хийцамаш


Журналист Политковская Анна ер толлучу кхелехь цхьацца хийцамаш бара кху деношкахь. ТΙекхайкхича, ванза висина 12 теш ницкъаша леван тΙевалон сацам бина Москох-гΙалин кхело.

Ткъа оршотдийнахь цо къевлинчу хьелашкахь левира Политковская еле, цуьнан терго еш, ларш зуьйш леллачу къайлахчу сервисан белхахо Корсаков Павел. Иза кΙерахилла ша а, шен белхан накъосташа а тергонехь латтийра Политковская, иза йоьду-йогΙу меттигаш зуьйш, аьлла.

Ишттачу балхана шайна ахча лора, чΙагΙдира Корсаковс, ткъа хоуьйтуш дац, цара стенна тергал еш хилла Политковская, мила вара оцу балханна ахча луш верг.