Кхо гΙаттамхо вийна Дагестанехь


Кхо тΙемало вийна шайн дакъоша махкахь, боху Дагестанерчу Антитерроран кхеташоно. Цо дийцарехь, царех цхьаъ ву Таркхойн хΙордана гергарчу къоштийн тΙемалойн лидер. Карабудахкентана уллехь, Манас-юьрта йистехь хилла тΙематасадалар. Юьхьанца гΙаттамхошна аьттонаш беш а лелла, кхушара хьаннашка дΙабахначех бу байъинарг, хаам бо Ιедалша.