Имамаша харжамашка кхойкху нохчий


Нохчийчоьнан керла парламент хоржучу харжамашкахь нах жигара дакъалацаре кхайкхина мехкан маьждигийн имамаша пΙераскан рузбанехь.

Цул совнаха, имамаша дехна бахархошка, Оьрсийчоьно тоьлла гΙишло-Ιаламат къасточу «Россия-10» олучу къовсамехь «Нохчийчоьнан Дог» маьждигехьа кхаж тасар а. Оцу къовсамехь муха дакъалаца деза хоуьйтуш, кехаташ а ду дуккха а маьждигийн неΙаршна тΙедиттина.