Бхутто Беназир ерна бехке веш ву Мушарраф Первез

Пакистанера кхело тахана цу пачхьалкхан президент лаьттинчу Мушарраф Первезе кхаа артиклехула бехк кховдийна, оппозицин лидер а, премьер-министр а хилла йолу Бхутто Беназир 2007-чу шарахь цо ейтина, аьлла.

Стаг верна а, стаг вен Iалашонца зуламе барт барна а, зулам кхочушдайта гIо дарна а бехке веш ву иза. Мушаррафа керста до ша бехке ву бохург. Кхелан ладогIарш карарчу беттан 27-чу дийне теттина.

2007-чу шеран ГIуран-беттан 27-чу дийнахь йийна ю Беназир, Равалпиндехь харжамийн кампани дIахьучу хенахь.
Цкъа махкара вада а ведда, шен лаамехь юхавирзина волу Мушарраф, Исламабадера шен хIусамехь, Iедал тIе а хьожуш, латтош ву.