16 маьрша овхIанхо верна велла дIаваллалц набахте хьажийна Iамеркан эскархо

16 маьрша овхIанхо вийна волу Iамеркан лакхара сержант Бейлз Роберт велла дIаваллалц набахте вохуьйту сацам бина Iамеркан тIеман бехк-къасторхойн кхело. Ша бехк хиларна къера хилла сержант.

2012-чу шеран Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь Кандагар-провинцера тIеман декъера ара а ваьлла, луларчу шина эвлахь бийшина Iачу нахах 16 стаг вийнера Бейлза. Байъинчарна юкъахь зударий а, бераш а дара.