Ши тIемало вийна Дагестанехь

Мел лаххара 2 стаг вийна Дагестанехь, Цумада-кIоштIахь полицин белхахошца хиллачу герзаш деттарехь. «Кавказский узел» интернет-агенталло бинчу хаамца, уьш тIемалой хила мега аьлла дIахьедар дина меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало.

Цо дийцарехь, тIематасадалар хилла Агвали-эвлан йистехь хьуьнхахь. Байинарш муьлаш бу къастош бу талламхой.