Кавказера полисхой-кхаьънашъэцархой

Нахера кхаьънаш бахарна Нальчикехь кхеле озийна коррупцица къовсам латточу полицин хьукматан белхахо-эпсар. 200 эзар сом даьккхина цо бехк-такхаман дов дΙакъовлург. 12 шарна набахте кхача тарло иза, нагахь кхаъ эцар бакъдахь.

Дагестанехь а кхаьчна кхеле ХΙинжа-ГΙаларчу Талламан комитетера эпсар Гитинов Альберт. Бехк-таллам дΙаберзориг 100 эзар сом даккхина цо меттигерчу вахархочуьргара. И хаамаш баржийна Оьрсийчоьнан прокуратурано шен сайта тΙехь.