Контрактхой хьаьгна бу Нохчийчохь тΙемаш бан


Нохчийчу контрактца тΙеман гΙуллакх кхочушдан баха луучу оьрсийн могΙарш стохкачул 30 процентна, 600-не кхочуш совбевлла, хаам бо Къилбаседа Кавказан тΙеман гоно. Оцу гоно дечу тоьшаллица, контрактхошна Нохчийчохь луш долу алапа совдаккхар а, цигахь яьккхинчу хено дуккха а аьттонаш луш хилар а ду коьрта бахьана.