Хрущевс шен карьера йолийна 60 шо кхаьчна

1930-чу шерашкахь йолийра Хрущевс шен карьера Коммунистийн партехь. 1931-чу шарахь дуьззинчу деношкахь коммунистийн партина дуьхьа къахьега волавелира иза. Цу партин гIонца 1938-чу шарахь Москох-гIалин коммунистийн партин комитетан хьалхара секретар хIоьттира. Цул тIаьхьа деанчу шарахь иза коммунистийн партин Коьрта Комитетан Политбюрон декъашхо хилира. Иза Советан пачхьалкхан уггар лакхара урхалла яра.
1936-чу шарахь ГIуран-беттан 5-чу дийнахь дIабаьхьначу Советийн VIII гуламехь вистхуьлуш Хрущев.  

Советан пачхьалкх - Каганович Лазар, Булганин Николай, Хрущев Никита а Сталинан тезетахь, 06Заз1953

1956-чу шеран Чиллан баттахь Хрущев Никитас Сталинан васт дохош къайлаха къамел дира Комунистийн партин 20-чу гуламехь. Цунах йоккха гIовгIа елира коммунистийн партехь а, малхбузехь а. Делахь а, Сталинан террорехь ша лаьцна хилла дакъа ца дуьйцуш дитира Хрущевс.

 
50-чу шераш юкъадовлуш Хрущевс юкъадаьккхира, хIетахь Советан пачхьалкхана юкъайогIуш хиллачу Казахстанан эрна аренашкахь ялта кхиор. Никита Хрущев ву хьалакхиинчу ялтина юкъа а хIоьттина, шен сурт доккхуьйтуш. 18 Охана, 1964, Казахстан

Хрущев Никита урхаллехь волуш, Советан пачхьалкхан масех кризис хилла Малхбузенца йолчу юкъаметтигашкахь. Царах цхьаъ яра, Iамеркан U2 олу талламан кема Советан пачхьалкхо 1960-чу шарахь чудаийтар. Цунна тIера пилот вара францхо Пауэрс Гаьрри. Суьрта тIехь – Советийн лидер Хрущев ву чудаийтинчу кеманан аьхкашка хьоьжуш.  

РогIера кризис яра, цо Юерлинера пен бан омар далар. ГIадужу беттан 1-ра де, 1961

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Кеннеди Джон Фицджералд (Аьт) а, Советан пачхьалкхан лидер Хрущев Никита а шайн хьалхарчу цхьанакхетарехь, 1961 шо, Мангал-беттан 3-гIа де, 1962-чу шарахь Кубан ракетийн кризис йолаялале шо хьалха Венехь дагадовларш дIахьуш. Советан пачхьалкх 1962-чу шарахь Куба-гIайренна тIе ракеташ кхачо йолаелча, Кеннедис омар делира Кубина блокада е, аьлла.

ХIокху суьрта тIехь Iамеркан Коьртачу Талламан урхалло вовшахтоьхна тоьшаллаш ду, Кубехь ракеташ вовшатосуш хиларан. Кхузахь гойтуш ракеташ а, ракетийн комплексаш а ю.

 
1959-чу шарахь даьккхинчу суьрто гойтуш ву Iамеркан вице-президент Никсон Ричарда (Аьр) Iамеркан Къоман гайтамехь динчу къамелана реза хилар гойтуш тIараш детташ волу Хрущев Никита (Аьр). Оцу кепара, дукхах болчу оьрсашна дуьххьара гинера Малхбузера капиталистийн дахар. 

Советийн лидер Хрущев Никита (Аьт2) дуьххьара вара, Цхьаьнатоьхначу Штаташка официала визит йина волу. Суьрта тIехь - Хрущеван хIусамнана Нина (Аьр), Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Эйзенхауэр Дуайт Дэвид «Айк» (Аьт), цуьнан хIусамнана Мэйми (Аьр2) 1959-чу шарахь, Гезгмашин беттан 16-чу дийнахь Вошингтонера гала-концертехь. Иза леррина советан хьешашна вовшахтоьхна яра.  

Малхбузенца тарвала гIерташ, Хрущевс мел чIогIа къахьегна хиллехь а, Хрущев кийча вацара, Советан пачхьалкхан олаллехь хиллачу малхбале Европина тIера урхалла малдан. 1956-чу шарахь Лахьанан-беттан 5-чу дийнахь Венгрехь хилла гIаттам къиза охьатаIийра цо. 

Хрущеван Малхбузенца машарехь цхьанадахаран политико а, сталинизма емалъяро а дIасакъастийра иза Китайн коммунистех. Суьрта тIехь – Хрущев (Аьт) Китайн лидерца Мао Цзедунца, цо Китай визит йинчу 1958-чу шарахь Мангал-баттахь.

1960-чу шарахь ГIадужу-беттан 12-чу дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь Хрущев Никита ву стоьлан хьалха хиина Iаш, куьйга мача а лаьцна. Цунна уллехь Громыко ву, Советан пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министр. Филлипинашкарчу делегата Сумулонг Лоренцос Советан пачхьалкхан Малхбале Европера империализм бехке йича, Хрущевс стоьла тIе мача туьйхира, иза Iамеркан тайниг ю, аьлла. 

Хрущев чIогIа гена вара Советан пачхьалкхера элитина. Брежнев Леонида тIеIаткъам бича цуьнан дIаваха дийзира шен даржера. Суьрта тIехь – Хрущев Никита (Юкъ) Коммунистийн партин Коьртачу Комитетан сессехь къамел деш ву. ГIадужу бутт, 1964 шо, Москох.