Серноводскера эккхийтар
Your browser doesn’t support HTML5
Оршоьтан буса, 1.50 хенахь эккхийтар дира Серноводскерчу Соьлжан кÌоштан полицин декъа хьалха. Талламчаша дийцарехь, ша а леш, молханах юьйлина машен эккхийтина цкъачунна вовзанза волучу стага.
Велла 3 полисхо – ТIехьа-Мартанара Cулейманов Юни а, Оьрсийчуьра ханна ваийтина хилла Пучков Леонид а, Егоров Александр а. Лазийна 4 полисхо.
Бохам хиллачу меттехь кхин цхьа стаг а лаьцна, шеца оьккху коьчал а йолуш, хаам бина Iедалхоша. (Маршо Радио/ Садулаев Муса)