100 миллион сом лачкъийна Iедалхо лаьцна Дагестанехь

Дагестанан Iедалша лаьцна Кумторкалан кIоштан куьйгалхо Тотурбиев Руслан. Цунна бехке дуьллуш ду бозбунчаллаш лелор а, 100 миллион сом бюджетер ахча лачкъор а. Интерфаксо дийцарехь, Тотурбиев лаьцна полицино шен хIусамехь.

Талламхоша хетарехь, цо шен кисана йиллина тиша хIусамашчура миска нах керлачу метте баха ховшо Iедало йелла шай-кай.