Нохчийчохь хенаш тоьхна кхаанна



Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело полицин ха эккхийта гΙортарна хенаш тоьхна кхаа меттигерчу вахархочунна. Стохка бΙаьста ткъаткъа шераш долу Эктумаев Юсуп а, Мадаев Махьмуд а, Карсамов Кимран а Таршхойн лаьцнашца йолчу тΙемалойн тобана юкъа а вахана, Аьхкинчу –Барзерчу цхьана урамехь мина юьллуш лаьцна, кхело бахарехь.

Эккхийтар дан аьтто баьлла кегий нехан, амма ца нисбелла цигахь полисхой. И дареш етташ, ницкъаша даьхна цаьргара, чΙагΙдо адвокаташа а, церан гергарчара а. Амма кхело 7, 8, 9 шераш кхайкхийна царна набахтехь даха. Хаам баржийнарг ю Оьрсийчоьнан Инарла прокуратура.