Мюнхенерчу бертан 75 шо кхаьчна

(Аьрру агIора аьтту агIо) Британин премьер-министр Лорд Невиль Чемберлен, Францин премьер-министр Даладьер Эдуард, Германин канцлер Гитлер Адольф, Италин премьер-министр Муссолини бенито, арахьарчу гIуллакхийн министр Джан Галеаззо Чиано Мюнхенехь цхьаьнакхеттера Гезгмашин беттан 28-чу дийнахь, 1938-чу шарахь Нацийн Германина а, Францина, Италина, Британина а юкъахь барт чIагIбан. Цуьнца а догIуш Гитлерна бакъо елира, Судетан латтанаш Чехословакера схьадаха.

Невиль Чемберлен (аьрру), Гитлер Адольф а къамел деш ву гочдархочо гIо а деш, Бад Годесбург, Германи

Чемберлен Невиль а, Гитлер Адольф а "чайнан стака" а молуш, къамелаш деш Германера Берчтесгаденехь, 1938-чу шарахь Гезгмашин-беттан 24-чу дийнахь. Немцойн мот буьйцу нах бехачу Чехословакин дакъа доьху Гитлерс.

Британин премьер-министр Чемберлен Невиль (аьрру) Мюнхенан бертана кlел куьг яздеш ву, Гитлеран секретар Борманн Мартин цуьнга хьожуш ву, Мюнхен, Гезгмашин-беттан 29-гlа де, 1938

Францин премьер-министр Даладьер куьг таIош ву Мюнхенан бертана.

Италин премьер-министр Муссолини Бенито ву Мюнхенан бертана куьг таIош.

Лондонехь, 1938-чу шеран Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь Чемберлен Невиль ву Мюнхенера цIавеанчул тIаьхьа ша а, Гитлера а куьйгаш таIийна резолюци тIехь йолу кехат карахь лаьтташ.

Мюнхенера цIавирзинчул тIаьхьа Францин премьер-министр Даладьер Эдуард ву журналисташна хьалаха дIахьедар доьшуш.

Немцойн мотт буьйцучу Судетан латтанашкахь юкъаметтигаш иръелла хилла хиларе терра, Чехословакин Эскаран салти ву Судетан латтанашкара Красна Липа-гIалахь 1938-чу шарахь, Гезгмашин баттахь лаьтташ. Гитлерна дуьхьал латта Советан пачхьалкхо гIортор йиннашехь, Чехословакин президент Бенеш Эдвард духьал хилира тIом бан, Британино а, Францино а гIо деш ца хилча.

1938-чу шарахь Гезгмашин беттан 29-чу дийнахь чIагIбинчу Мюнхенан бертах тесна долу БохIемин а, Моравин а карта. Iаржъйина меттигаш Чехословакера схьа а яьхна, Германина дIаелларш ю.

(1918-1945) шерашкахь Чехословакин хиллачу карто гойту пачхьалкхехь даьхначу къаьмнийн барам. Германин меттигаш сийна, Венгрин - баьццара). Чехословакин агlора вехаш 3 миллион сов немцо вара.

Германин тlеман дакъош ду Чехословакин доза хадош 1938-чу шеран Гlадужу-баттахь. Чехословакин 40 процент латта Германино дlалецира.

Немцойн гlагl-диллина машенаш Ауссиг гlалина (Усти над Лабем) чу яхара.


Нацин Германин эскаран дакъош Клайнфилипсреутана, таханлерчу Чески Крумлован малхбузехь доза хадош ду. 1938


Чехословакин дозанера чехийн маттахь доза билгалдоккхуш яздина йоза дlадоккхуш бу немцой.

Судетан латтанашкара дlабахана чехаш Прахlа-гlалахь мухlажарийн кехатийн хатаршна жоьпаш луш бу. 1938, Гlадужу бутт-13

Крконоше лаьмнашкахь йина хlара бункер дозанан фортификацийн системан дакъа дара.

Германин Пропагандин министран Геббельс Джозефан йозанашца а догlуш, Судетан латтанашна оккупаци йинчул тlаьхьа Гитлер ша ваханера хьажа Чехийн фортификацешка. Геббельса яздинера Гитлера аьлла боху дешнаш, "шортта цlий lано тарлора вай." Ирс хилла, тlом боцуш дlадирзна.


Мюнхенерчу Коьнигсплатцехь йолу Fuehrerbau гIишло чохь чIагIбина бу Мюнхенан барт 1938-чу шарахь. Таханлерчу дийнахь цигахь мукъамийн школа а, театр а ю.