Москох набахте кхайкхина кхаа нохчочунна


Москох, Пресня-къоштан кхело кхо нохчо бехкевина лаккхарчу Ιедалан белхахочун Барщевский Михаилан йоΙ а, нуц а чохь догΙуш хиллачу машенна травматикан тапча еттарна. Ши шо сов хьалха лелла хилам бу иза.

Авхадов Асланий, Гебертаев Ιумар-Ιелассий, Хатуев Хьамзатий дина лаьрра кхело и зулам шайн некъа тΙехь Барщевская Наталиций, цуьнан майрачуьнца Мещеряков Кириллций довдаьлча. Шиъ ах шерашна набахте кхайкхийна кхаанна а.