Аятолла Хаменеи тIетайна президентана РоухIанина

ГIажарийчоьнан лаккхара лидер волчу аятолла Хаменеис дIахьедар дина президенто РоухIани Хьассана юьхьарлацна дипломатин некъ къобул бо ша, амма цхьадолу хаттарш шеконе хета шена аьлла.

Делахь а цо билгал ца даьккхира шена ца товш дерг хIун ду бохург. Хаменеис дIахьедар дина дагадаовларш дIахьош Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штатех тешаш ву ша аьлла.


Хаменеис дийцарехь иза реза ву шайн дипломаташ Нью-Йоркехь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлин Ассамблеяхь бинчу балхана. Амма Iамеркан Iедалх теша мегар дац аьлла хета аэтоллана, цо шена тIелаьцнарг кхочуш ца дон дела.