Юха а адамаш дайина Мисарахь

Лаххара а 4 стаг вийна Мисарахь, 40 гергга стаг лазийна ву. Иза хилла ПIераскан дийнахь президентан даржах вохийна волчу Мурси Мохьаммадан агIончашна а, Iедалан ницкъашна а юкъахь хиллачу тасадаларшкахь. КъахIирехь ТахIрир майданера демонстранташ дIасалохкуш полицино лелийна бIаьргех хиш оьхуьйту газ.

Хьалхо хаам бинера вийнарг цхьа стаг ву, ткъа лазийнарг 14 стаг ву аьлла. КIирандийнахь 40 шо кхочуш ду Израилна а, Iаьрбийн пачхьалкхашна а юкъахь тIом хилла. Иза болабелира 1973-чу шарахь ГIадужу беттан 6-чу дийнахь.