Дешин долахой хийцийта гIерта гIиргIазой


ГΙиргΙазочохь уггаре дукха деши луш йолу Кумтор-гΙу пачхьалкхан дола ерзор Ιедална тΙедожош гуламашка бевлла нах Иссык-Кулан къоштахь. Шаьш дΙасалахка араяьккхинчу полицина дуьхьало еш, машенийн чкъургаш а латийна, уьш ягош Ιа протестхой. Цаьрца барт беш бара Ιедалан векалш шинарий сарахь.

Оршот дийнахь кхечу Кхаракхол-гΙалара гулам Ιедалан ницкъаша бохийча, некъаш лецна цигарчу наха. Цкъачунна полицино лецначийн чот юьйцу хаамийн гΙирсаша иттаннашкахь, виъ стаг кхаьчна дарбан цΙеношка.